Нальчикехь полисхочунна дина тӀелатар, Нохчийн Iедало Украинера тӀаман хьажийна ахча а, Мусаева Зареман кхелехь хилла ладегIарш а – -цунах а доцчуху а а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 112-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Нальчикехь ГИБДД-н белхахочунна тӀелатар дина
ТӀаьххьарчу 6 шарахь дуьххьара ницкъаллин структурийн белхахочунна тӀелатар дина Нальчикехь. ГӀебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека кхерамаш тийсира, конституцин низам дуьхал берш хӀаллак бийр бу шаьш аьлла.
Товбеца беттан 4-чохь Нальчикан йукхъахь 28 шо долу некъан полицин белхахочунна мила ву ца хуаачу стага урсаца тIелатар дира. Цхьайтта урсан чов йина, лазийна полисхо, халчу хьолехь, дарбан цIийне а кхачийна, реанимацехь охавиллира. РИА Новости пачхьалкхан агенталлан хьостано чӀагӀдарехь, тIелатар дар бахьан – полисхочунгар герз схьадаккхар хилла.
Официалан хьостанаша хиллачух кӀезиг хаам бо. Telegram-ехь йаржинчу видеош тIехь гуш ду, вийна полисхочун накъоста, тIелатар динчун герз тохар. Ша лазийна воллушехь, зуламхо полисхочунна тIаьхь ваьлла хилла. Амма тIахьо тIелатар динарг вийнера. ХIинца а тӀелатар динчунна цӀе хууш йац, дийцарехь ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Урвански кӀоштан вахархо ву иза. РЕН-ТВ телеканало бинчу хаамца, 20 шо долуш жима стаг ву иза.
Хууш дац тӀелатар динчунца цхьа а хиллий, амма полисхоша,бохам хиллачу меттехь, цхьа стаг лаьцна. ХIинца а хууш дац, тIелатар динчунца цуьнан зIе йу йа йац. РЕН-ТВ телеканало хаам бо, лаьцначун 17 шо хилар. Кхин цунах лаьцна хууш цхьа информаци йац.
Республикан Ӏедало сихонца цхьаьнакхетар дӀадаьхьира, цигахь куьйгалхочо Коков Казбека, дина къамел хетарехь вийна зуламхочунан хила тарлучу накъосташка хьажийна дара.
"Ас йуха а боху: тахана вайн ницкъ а, ресурсаш а тоьар йу республикехь, бахархойн кхерамазалла ларъйан. Низамна дуьхьал вала гӀерташ верг – хӀаллак вийр ву! И тайпа шен коьртехь ойланаш йолучу, хӀоранна а дIахаийла иза! Низаман системо кхерамазалла латтор йу, ткъа тхан декхар ду и тайпа хIума ца хилийта "профилактикан белхаш" бар," - элира Коковс.
Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, тӀаьхьарчу шерашкахь полисхошна тӀелатарш дар кест-кеста хуьлуш хиллехь а, и тайпа хIума ГӀебарта-Балкхаройчохь тIаьххьара 2019-чу шеран дечкен-баттахь хиллера, цхьаъ полисхо а, тIелеттачарехь виъ стаг а вуьйш.
Амма, и тIелатар хиллачул тIаьхьа, кху 6 шарахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь, ницкъаллин структурийн белхан методш, кхин хийца йелла йац, кхечу республикашка хьажча, боху "Мемориалан" бакъонашларъйархочо Черкасов Александра.
"И дерриге а кхетаме ду. Вайна го, харцонца йадина гIулакхан билгалонаш, Нохчийчохь санна. Масала, Пскован десантан гӀуллакхехь, йа терроризмна ахча латторна. Цхьанхьа Туркой махка, гергарчаьрна ахча дехьадаьккхича, муха дийра ду ахь тоьшалла, гергарчарна дахьийтина хилар? И санна долу гIуллакх, компьютер хьалха оцу сохьта йаздан мегаш ду.Кегирхошна чIогIа ца йеза и шалгIенаш. Карарчу хенахь Путинан "чIагIалла " Къилбаседа Кавказехь а йерриг а пачхьалкхехь а, дуккхахчу кегийрхошна йезаш йац, цуьнан харцонаш го царна. Хазахеташ боьрзуш бац кегийрхой терроризман некъе, шайна гонаха йолу харцо, ла ца луш дIакхеташ бу уьш царех.
Нохчийн Iедало тӀамна йина "Инвестицеш"
Кадыров Ахьмадан цӀарах йолчу фондо Украинина дуьхьал бечу тӀамна дайина 40,5 миллиард сом, тӀаьххьарчу эха шарахь - 4,5 миллиард, дIахьедоНохчийн Ӏедалхоша. И ахча, фондан отчеташкахь гойтуш дац, йа цуьнан схьадаьлла меттиг а хууш дац.
Нохчийчийн премьер-министр Даудов Мохьмада шен тӀаьххьара докладехь дIахьедира фондан цIарах тIамна йина харжах лаьцна. Цо дийцарехь, фондан ахчех эцна - тӀеман техника а, машенаш а, квадрокоптерш а, зӀенан гӀирсаш а, "керлачу регионашка" (Оьрсийчоьно оккупаци йина меттигаш) кхачийна гуманитаран гӀо а.
ТӀаьххьара Нохчийчоьнан Ӏедалхоша тӀамна йинчу харжех лаьцна хаам бира 2024-чу шеран гIура-баттахь, цу хенахь йина харж - 35,8 миллиард сом дара. Иштта тӀаьххьарчу ворхӀ баттахь республико кхин а 4,5 миллиард сом хьажийна тIаман – иза Соьлж-ГӀалин шеран ах бюджет хуьлуш йу.
Фондо юстицин министрале бинчу хаамехь схьадогIу, цуьнан йерриг а активаш -2 миллиард 800 миллион кхоччуш сом ду. Дахначу шарахь, фонде кхачийна 825 миллион сом ахча. Оьрсийчохь, йохк-эцар лелош йоцу организацешна йукъахь, уггаре а хьал долчарехь йу - Кадыровн фонд. Нагахь санна, Даудовс чӀагӀдарехь, и фонд баккъалла а тӀамца йоьзна финансийн транзакцеш дӀахьош йелахь, тӀаккха и ахча мичара схьадогӀуш ду хаттар кхоллало.
Кадыров Ахьмадан фонд 2004-чу шарахь кхоьллина йу, цуна куьйгалла деш йу Кадыров Рамзанан нана -70 шо долу Кадырова Аймани. 20I9 шарахь дуьйна Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцешн къелахь йу фонд.
Мусаеван гIуллакхехь хилла ладег1арш
Набахтин белхахочунна тӀелатар дарна бехке йинчу нохчийн оппозиционерийн ненан Мусаева Заремина дуьхьал долийна шолгӀа бехктакхаман гӀуллакхан ладегIарш чекхдала герга ду. ТIаьххара кхелехь хиллачу ладегIаршкахь, Мусаевас чов йина боху ФСИН белхахочунга хаьттарш дира – цуьнан тоьшалш нисса бӀостане ду тешхоша дийцинчунна.
ФСИН-ан белхахочун цӀе официалехь йовзуьйтуш йац. КӀира хьалха хилла ладегIаршка, могуш вац ша аьлла, схьавеана ца хиллера иза. Товбеца-беттан 7-чохь хиллачу кхелан кхеташонехь цо дӀахьедира, 55 шо долчу Мусаевас ша юх-юха а сийсаз вора. Дарбан цӀийне дIа-схьа ца лелош, стационарехь йита ша бохуш, оьгIазоьхуш. ТIаьххаре а, зудчо шена тӀелатар дира, бохуш дийцира белхахочо – цхьадолу далийна тешалшца Мусаевас белхахочун белш тIера погон схьайакхира, кхечу далийна тешалшца - Мусевас полисхочун т1елатар дина йуьхь тIехь чов йира.
Лазийна боху белхахочу дуьйцург бӀостане ду тешхоша дийцинчунна, чӀагӀдо адвокато Савин Александра. Цуьнан комментариш зорбане йехира "Ӏазапна дуьхьал тобано".
"Ша Заремина а, тешашна а хаьа, цу хьахийначу дарбан цIийнехь 24 сахьтехь болх беш стационар йоцийла, ткъа Зарема цига 2009-чу шарахь дуьйна дарба дан лелош йу. Хаттарш динчу 14 тешшах цхьаммо а тӀечӀагӀдина дац, Мусаевна а, оцу белхахочунна а йукъахь дов хила хилар, йа Заремас колонин низамаш дохор а, ур-аттала колонин куьйгалхочо а тIечIагIдеш дац иза "– элира адвокато.
РогӀера ладегӀарш товбеца-беттан 14-чохь дӀадаха лерина ду.
Дагадоуьйту, Мусаева Зарема маьрша йала масех бутт хьалхьа, цуьнан цхьана кӀанта Кадыров Рамзанах лаьцна дӀахьедар динчул тӀаьхьа, ши де даьлча, Мусаеван дуьхьал керла бехктакхаман гӀуллакх долийра. 5 шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан тоха тарло цунна, изза хан 2023-чу шарахь полисхочунна тӀелатар дина аьлла, тоьхнера цунна.
Бакъонашларъйархоша Зарема "политикан закъалтхо" лаьрра. Кадыров Рамзанс масийттазза цуьнан доьзална кхерамаш тийсина. Мусаеван масех хала цамгар токхуш йу, царна йукъахь инсулинах йозуш йолу шекарца йолу цамгар а йолуш. Набахтехь латточу йукъанна кхин тIе а эшна йогIу цуьнан могушалла.
Къилбаседа Кавказехь зуламан терахь алсам даьлла
Къилбаседа Кавказехь кху хьархарчу эха шарахь -13 093 къизаллаца доьзна зуламаш дина. ДIадаханчу 14 шарахь хиллачул а алсам ду и терахь
Чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло йалийна статистикера схьадолу, цу кепара лакхара зуламан терахь -2010 шарахь бен хилла дац, цу хенахь регионехь - 13 650 зулам дина хиллера.
ХӀинца Къилбаседа Кавказехь "хьалхарчу меттехь" Ставрополь кIошт йу (5,2 эзар даккхий а зуламаш), Дагестан (3,1 эзар), Къилбаседа ХӀирийчоь (1,6 эзар). ГӀебарта-Балкхаройчохь цхьана эха шарчохь долийна 1,3 эзар бехктакхаман гӀуллакх, Кхарачой-Чергазийчохь-908, ГӀалгӀайчохь 515, ткъа Нохчийчохь 490 зулам дина хилла.
Оьрсийчохь а хаалуш ду, даккхий зуламаш алсамдовлар – кху шарахь церан рекордан терахь - 333,3 г1уллакх. ТӀаьхьарчу 15 шарахь уггар лакхара гайтам бу иза. Цуьнца цхьаьна 4-гӀа шо ду, зуламан терахь лахлуш: кху шарахь Оьрсийчохь долийна 940,6 эзар бехкзуламан гӀуллакх. ТӀаьххьарчу 16 шарахь хиллачул а кӀезиг ду иза.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: