ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Той а, културан зӀенаш чӀагӀъйар а: "Соьлжа-ГӀалин а, Анкаран а юкъаметтиг толуш йу?


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 17 шо долчу кӀентан тойнехь хьешашна юкъахь вара Туркойчоьнан векал Бильгич Танжу – иштта йаздира, ша политико. Цул тӀаьхьа нохчийн Ӏедалша дийцаре дан долийра Туркойчоьнца културан зӀенаш чӀагӀъяр а, регионийн офисаш кхоллар а. Соьлж-ГӀалин а, Анкаран а юкъаметтигаш толуш йу бохург ду иза? Цунах лаьцна редакцин материалехь.

Товбеца-бутт чекхболуш Соьлж-ГӀалахь дийцарш дӀадаьхьира Туркойчоьнан-Ливин бизнес-кхеташонан векалшца, оцу пачхьалкхашкахь регионан офисаш схьайеллар дуьйцуш . Официалан хьосташа дийцарехь, офисаш оьшуш йу, кхачам болуш проекташ а, инициативаш а кхочуш йан, иштта экономикан субъекташна а, Нохчийчоьнан Ӏедална юкъахь зӀенаш латторна.

Билгалдаккха догӀу, оцу тӀегӀанехь дийцарш дIахьош Нохчийчоьнан экономика кхиоран министр Шаптукаев Рустам вара, хIинцалц иштта дийцарш республикан куьйгалхочо деш дара. Муьлхачу цхьаьнакхетараллин проекташна оьшу векаллан офисаш кхолла, Нохчийчохь цкъачунна довзийтина дац.

Планаш йовзийтира тӀаьхьо, Анкарарчу нохчийн културан а ассоциацин декъашхой Соьлж-ГӀала баьхкича. Амма, йуха а цхьаьнакхетарехь Кадыров Рамзан вацара. Дийцарш, регионан къинхьегаман министр Баширов Ӏусман дIадаьхьира. Арахьарчу делегацина коьртехь вара туркойн нохчо Ихсан Пилгер.

Нохчийчоьнан къинхьегаман министр Баширов Ӏусман а, Анкарарчу нохчийн културан ассоциацин делегацин куьйгалхо Пилгер Ихсан а. Башировн Инстаграмерчу официалан агӀон тӀера сурт.
Нохчийчоьнан къинхьегаман министр Баширов Ӏусман а, Анкарарчу нохчийн културан ассоциацин делегацин куьйгалхо Пилгер Ихсан а. Башировн Инстаграмерчу официалан агӀон тӀера сурт.

Дийцаршан коьрта тема йара- диаспоран Нохчийчоьнца йолу уьйраш чӀагӀъяр. Цу Ӏалашонца, масала, йийцаре йаш йу Туркойчохь бина нохчий, республике бахка "истори а, культура а, махкан кхузаманан кхиар а кӀорггера довзархьама" аьтто луш йолу проект. Ӏедалша цкъачунна дийцаре ца дира и тайпа проект кхочушъйан билгалъйакхина йа хан а, йа финансаш а.

Туркойчуьра делегацеш кест-кеста хуьлаш йац Соьлж-ГӀалахь. 2018-чу шарахь президентан ЭрдохӀан Реджепан хьехамча Тюркменоглу Айшес веара Нохчийчу. Цу хенахь, цунна коьртачу шахьаран инфраструктура йовзуьйтуш, регионашна юкъара йохк-эцаран а, экономикан а юкъаметтигаш йийцаре йира, амма проекташ кхочушъйаран тӀегӀане ца кхечира. Цундела карарчу хенахь, Туркой махкара хьеший хазахетарца тIеэцна хилар гуш дара. Амма билггала муьлха проекташ тIехь, барт бан аьтто хир церан, хӀинца а хууш дац.

Кадыров – ЭрдохӀан

Туркойчоьнан официалан Ӏедало Кадыров Рамзан дуьненаюкъарчу аренехь, йозуш воцу политик санна ца лору, боху редакцица къамел дина Истанбулерчу нохчийн жигархоша, шайн цӀераш ца йовзийтар доьхуш. Царна хетарехь, Туркойн Ӏедална, Кадыров Оьрсийчоьнан субъектийн рог1ера куьйгалхо лору. Иза кхин болу куьйгалхошах къаьсташ велахь а, дуьненаюкъарчу политекехь, дозуш волу "ловзархо" вац иза: Нохчийчоьнца дIахьош долу муьлхха а дийцарш, Москвахула чекхдолуш ду. Кадыровс Анкарана дуьхьал деш долу мостагӀийн къамелаш, Туркойн Iедална тергал а ца деш дитар гӀоле хета.

Масала, 2016-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шозза кхайкхам бира Туркойн Ӏедалшка, цигахь къайлабевлла нохчийн мух1ажаршна экстрадици йар доьхуш. Кадыровс шен террорхой бу аьлла хеташ болу нехан, иттех сов цӀе йаккхира, цул тӀаьхьа президенте ЭрдохӀан Реджепе кхайкхам бира, лаьцна, нохчийн орамаш долу кхо тӀемало экстрадици йар доьхуш.

2021-чу шеран гIура-баттахь Соьлжа-ГӀало бехке йира Туркойчоь терроризмна гӀортор йеш йу аьлла, Корфез гӀалахь Дудаев ДжохIаран цӀе тиллина парк бахьана. Ткъа Кремлехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун ира реакци хилар кхеташ ду аьлла д1ахьедира. Москвано шена гӀортор йар дог иракарахӀоттина, Туркойн Ӏедалша шен кхайкхамашна кхин жоп ца делча, Кадыровс шен риторика чӀагӀйира, ЭрдохӀанна кхерамаш а туьйсуш. Нохчийчохь цхьана паркан, курдойн тӀемалойн хьалханча волу Оджалан ӀабдуллахӀан цӀе туьллар йу аьлла. Амма Москвано иза къобар ца дира, цунах дипломатин дов хиларна кхоьруш.

Оццу шарахь Туркойчохь , нохчийн хигархой байъа дагахь хиллачу шпионийн машан олучу тобанна юкъахь лецарш дира. Туркойн Iедало дӀахьедира, лецнарш, Кадыров Рамзанан омрица лелаш бара аьлла. ДӀайаханчу хенахь Туркойчохь нохчийн куьйгалхочун Ӏедална критика йеш болу нах дуккха а байар тидаме эцча, Москван а Нохчийн Ӏедалах тешам а, ларам а бан меттиг ца буьта.

2008-чу шеран гезгмашан-беттан 6-чохь коьртах шозза тапча а тоьхна вийра 2004-чу шарахь махка схьавеана Эдильсултанов ГӀази. 2008-чу шарахь гIура-беттан 9-чохь герз тоьхна вийра 2002-чу шарахь Истамбуле дехьаваьлла волу Канибеков Ислам. 2009-чу шарахь чиллин-беттан 2-чохь вийра 1990-чу шерашкахь дуьйна Туркойчохь вехаш хилла Умаров Докун векал Осаев Ӏали (цуьнан кхин цӀе Атаев Муса). 2011-чу шарахь гезгмашан-беттан 16-чохь Истанбулерчу Зейтунбурну кӀоштахь Рузбан ламаз динчул тӀаьхьа вийра "Имарат Кавказ" тобанца уьйр йолу Альтемиров Рустам а, Амриев Заурбек а, Мусаев Берг-Хьаьжа а. 2011-чу шеран гIадужу-беттан 10-чохь цигахь "Ичкерин шарӀан кхелан лакхара суьдхо" хилла волу Батукаев Шамсуддин вен гӀоьртира, амма кхиаме ца хилира; тӀелатар динарг лецира, цуьнца таллама болийра. 2013 шарахь стигалкъега-беттан 22-чохь Анкарахь герз тоьхна вийра шех "Ичкерин консул" олуш волу Унлю Медет. 2015-чу шеран лахьан-беттан 1-чохь Истанбулехь вийра "Кавказ-центр" сайтан администратор Эдельгериев ӀабдулвахӀид.

Туркойчоьнан хаамийн гӀирсаша, Iедал ши нохчо дӀавала кечвеш ву аьлла , бина хаам, диаспорина дагахь а боцу кхаъ хилла дӀахӀоьттира. Нагахь санна, царна экстради йахь, 1990-чу шерашкахь дуьйна хилаза, дуьххьара хира йу иза. Нохчийн жигархоша дийцарехь, "проблемаш йолчу" нохчашна Ӏедалша дукхахьолахь шаьш хьехар до, пачхьалкх а хаьржина, Туркойчуьра тийна-таьӀна дӀабаха.

Кадыров Гергарчу Малхбалерчу пачхьалкхашкахь лакхарчу тӀегӀанехь тIеоьцаш велахь а, Туркойчохь паргIат ца хета цунна; цигахь цуьнца цхьа а официалан хьаькам цхьаьнакхетта вац. Нохчийн жигархоша кхоьллинчу "Кхерамзаллин Туркойчоь" боламо (Security Turkey, Туркойчу Кадыровхой кхачарх информаци йаржа йо) кхераме до, цу махкахь церан Iар-дахар.

Дукхахьолахь, хаамийн гӀирсаша хаамаш бо Кадыровн а, цуьнан доьзалан а, Нохчийчу кхайкхина туркойн сериалашкара гӀарабевллачу актерашца цхьаьнакхетарх лаьцна.

Делахь а, Ахмат-Юьртахь Кадыров Адаман тойнехь, хьешашна юкъахь Туркойн Оьрсийчоьхь векал хилла хилар, хаттар кхуллу: Анкаран нохчийн куьйгалхочуьнца юкъаметтигехь хийцамаш хилла?

Къилбаседа Кавказан экспертна а, Украинин информацин кхерамазаллин центран белхахочунна Майоров Максимна хетарехь, "дипломатийн кхиам" дуккха тӀех маъна дала йоьшуш дац, Нохчийн хаамийн гӀирсаша санна.

"Туркойчоь -иза Кадыровн тӀегӀанехь йац, хьалхо гуш хезаш ЭрдохӀан Реджепе кхайкхамаш бан гӀоьртинехь а. Туркойчоьнан предпринимательш шуьйра бизнесан зӀенаш йолуш бу дуьненахь, амма церан Соьлж-ГӀала лелар цхьана а кепара Анкаран Кадыровгхьа болу хьежам хийца белла, аьлла билгало йац. Цхьа бола нах цига лелар а, бизнес хилар а - иза цхьаъ ду, амма дуьненаюкъара политика кхин хIума ду. Цхьа а шеко йац, Кадыровн шуьйра лаамаш хилар. Дагадоуьйтур вай цо Украинин президентана тийсина кхерамаш, йа Азербаджанан кеманна тӀелатар динчул тӀаьхьа иккхина дов дерзо гӀортар. И инициативаш жоп доцуш йисира", - аьлла хета экспертан.

  • Стохка чиллан-баттахь Туркойчохь Къилбаседа Кавказера нехан лецарш дира. ДӀахьедора, Оьрсийчохь кхерам даьтта 30 гергга стаган депорт йа кхерам бу аьлла – царна юкъахь вара, масала, Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев ДжовхIаран вешин кӀант.
  • Истанбулерчу коьртачу прокуратурано бехк кховдийна "Исламан пачхьалкх" организацин декъашхо ву бохучу пхеа стагана дуьхьал, талламчаша дийцарехь, зазадоккху-беттан 22-чохь Москвахь, Крокус Сити Холлехь тӀелатар дарехь дакъалаьцна цара, хаам бо Маршо Радионо.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG