ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа той, кхоъ дӀасакъастар. Доьзалш бохар аслсам даьлла Нохчийчоьхь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь, доьзалш къестар кхузза алсам даьлла: кху шеран чиллин-беттан тӀаьххьарчу хаамашца, республикехь керла 312 доьзал кхолладелла, амма оццу хенахь 965 доьзал къаьстина. Нохчийчохь, доьзалш бохар, терахь иштта алсам далар, чIогIа ладаме ду. Цуьнца цхьаьна меттигерчу Ӏедалша кест-кеста дIахьедо, шаьш "маслаӀате" далийна доьзалш эзарнашкахь ду бохуш. Редакцин белхахоша адвокаташца а, социологашца а, захалонаш доьхна меттигерчу бахархошца а, дийцаре дира, федералан статистикан а, нохчийн хьаькамаша далочу терахьан башхалаш а, доьзалш бохарна бахьанаш а.


2012-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзанс доьзалш къастаран проблема йийцаре йира, цу хьокъехь болх беш программа кхолла Iалашо хилар дIакхайкхийра цо "ЧӀир йолу нахана йукъахь маслаIаташ дина вай, оцу х1умаца а ларор ду вай", -элира политико.

ТӀаьхьо цуьнан инициативица, доьзалаш цхьаьнатохаран комисси кхоьллира, цуьнан векалш меттигерчу бахархошца цхьаьнакхетарш а деш, доьзал ларбарехь, дай-нанойн хила деза жоьпаллех а, оьздангаллин декхарех а лаьцна къамелаш дан дезаш бара.

Стохка шо чекхдолуш Кадыров Рамзана дӀахьедар дира 2017-чу шеран аьхка дуьйна дӀасакъаьстина 2716 доьзал "цхьанатохарах". Хьалхо Маршо радионо йаздора и "цхьанатохарш" бертаза хиларх лаьцна.

Доьзалш кехат тӀехь цхьаьна белахь а, амма къаьстина дукха хан хуьла


Нохчийчийн социолога (цуьнан цӀе кхерамазаллин бахьанашца йовзуьйтуш йац) дийцира, шен хетарехь доьзалш къаьстар, коьрта бахьан- дукхахьолахь иза доьзалехь цакхетамаш хилар ду. Ткъа и фактор дукха хьолахь маьрса йолу цIийнден чура нах юкъагӀиртича – къаьсттина, марнана а, йижарий а.


"Дукхахьолахь, несан дозанаш ларош дац; цуьнан догойла а, лаам а, хазаза дуьсу, доьзаллехь и цхьа совйалла хIумне санна, ларам бац", - аьлла хета социологна.

Доьзалш бохарна кхин цхьа бахьана ду, социологна хетарехь, Къилбаседа Кавказехь кегийрхой доьзал кхолла кийча цахилар а, полигами а – дукха хьолахь, къастаран тIаьххара "тIадам"- шолгӀа зуда йалор ду, Оьрсийчоьнан низамашкахь масех зуда йалор дихкинехь а.


Ведан кӀоштара теолог Мохьмад тешна ву доьзалан институт кризисехь хилар; доьзал бохар коьрта бахьан - жоьпалла ца хилар, бусалба динехь ца магийнарг лелор ду.

Нохчийн жигархочо дийцарехь, иштта тидаме эца догӀу, къайлаха, хьарам молханаш лелор а. Республикехь луьра дихкина делахь а, и тайпа хIумнаш лелош нах хуьла – дукха хьолахь маре йогIучу йоIана хуаш ца хуьла, хинволчу цӀийнда наркотикаш лелош вуйла.

"Кхин цхьа бахьан- финансийн стабилалла цахилар а, стаган шен зудчунна а, хиндолчу берашна а жоьпалла шена тӀеэца ца лаар а. ТIаккха зударий доьзалан дукъ шейна тIеэца дезаш хуьла: ахча даккха, бераш кхио, цӀийнан гӀуллакх дан, оццу хенахь цIийнден массо а гергарчарна гӀиллакх-гIуллакх лело дезаш. ТIаьххьаре а, зуда кхача йо, дIайоьда. Йа, шан дIайахача шена бераш цагайтарна кхоьраш, марехь кхин дIа а, са детташ Iа", - бохуш дуьйцу эксперто кхидӀа а (цуьнан цӀе оха йовзуьйтуш йац кхерамазаллин бахьанашца).


Со оццул хьалхе маре йаха дагахь йацара, цундела цо со лачкъийна йигира

Нохчийн адвокато тӀечӀагӀдо, доьзалш бохаран коьртачу бахьанех – кегий нах доьзалан дахарна кийча цахилар. Цул совнаха, нохчийн доьзалшкахь керла зударий дукха хьолахь марзхошца беха. Шайн йукъаметтиг а, безам-марзо а кхолла аьтто ца хуьлу церан. Кхин цхьа бахьан адвокато дийцарехь – цхьалхачу зударшна беран луш долу пособеш.

Даханчу шарахь Росстатан аналисто Шукуров Абыс дӀахьедар дира, Нохчийчоь а, Дагестан а, ГӀалгӀайчоь а - доьзалш къестар терахьца массо а регонашна йукъахь хьалхарчу меттехь хилар бахьан – дуккхаха долу дӀасакъастарш фиктивни хилар ду .

"Кхин цхьа аг1о а йу: регионашкахь хӀинца бен реакци хилла йац демографин модернизацина, никах (бусулба динехь зуда йалор) дарна меттана, официалехь (светски Iедалехь зудайалор) зуда йалор гӀоле хета. Суна а иза иштта ду аьлла хета: "доьзалехь кхуьаш доцу бераш" юкъарчу хьесапехь Оьрсийчохь 23% гергга ду. И хIума хIинца а талла дезаш ду, амма и гипотеза дуккхахчу демографаша дӀакхайкхийна йу", - аьлла тӀетуьйхира цо.

Оьрсийчохь жоьпалле лору фиктивны зуда йвлор, амма дӀасакъастарна цхьа а кхел йац.

2024-чу шеран Лахьан-бутт чекхболуш Пачхьалкхан Думехь дийцаре дира керла низаман проект, къаста сацам бина доьзална "маслаӀат дан" кхел декхаре йеш. Цул совнаха, 2025-чу шеран дечкен-беттан 1-чохь дуьйна зуда йитарна, ахчан гIудан барам бархӀозза бохург санна хьалабаькхира – пхеа эзар соьме кхаччалц. Цул совнаха, Пачхьалкхан Думин депутато Милонов Виталийс кховдийра зуда йитарнаУкраине тӀаме хьажош таӀзар дан, йа 100 эзар сом гӀуда тоха. Цкъачунна цхьаммо а гӀортор ца йина оцу инициативана.

Низамаш чIагIдарх, доьзалш къестар сацалур дац, тешна йу нохчийн юрист. Нуьцкъала нах цхьана Iийра бац: формалан кепехь доьзал санна бисахь а, ма-дарра аьлча, церан цхьаьна долу дахар дӀадер ду.

"Доьзал кхоллар иза ЗАГС-ехь куьг йаздар хилла ца Iа, къаьсттина Нохчийчохь, динан агIо чIогIа ларъйан йезаш хуьла. Кехат тӀехь нах цхьаьна Iаш бу аьлла йаздинехь а, амма доьзал боьхна дукха хан йолуш а нисло. Дехкарш дар метта, керла доьзалшна пачхьалкхо гӀортор йийча гӀоле дара. Масала, ахчанча, йа хӀусам луш, йа психологан гIо луш", - аьлла хета экспертан.



ЙоI лачкъор

– Сан "йохар" хьалххе хира дуйла, хууш дара. Со а, сан майра а дика жима дара, цхьанакхеташ хенахь, цуьнан 21 шо, сан 20 шо дара. Со медсестра болх беш йара, ткъа иза нахан цIинош деш сом доккхуш вара. Оццул хьалхе маре йаха со дагахь йацара, цундела цо со лачкъийна йигира. Йа сан чохь, йа цуьнан ц1ахь и цхьанна а ца тайра, бохуш дуьйцу 45 шо долчу Грознера Лаурас.

Цо дийцарехь, марнанас захало доладелчхьана дуьйна тӀе ца эцнера, шина доьзалан йукъахь бахаман башхалла хилар бахьана.

– Церан боккха доьзал бара, да-нана а, пхиъ ваша а, доьзалехь йоӀ йацара. Дуккха даьхни лелош, дика бохкуш нах бара уьш. Ткъа тхо, гӀалахь Iийна а Iаш дара, балхахь схьалучу алапах дехаш. Ма-дарра дийцича, со ца ларийра, оццул дуккха долу чура декхаршца. Кухни чуьра со ара йолуш а йацара. Ойла йехьа, 6 боьрша стаг лело, царна кхача кечбан, цкъа а чекха ца болу хьешашна а т1ехь. Цул совнаха, даьхни 1алаща дан дезаш хуьлура. ТӀаьххьара, массера а мачаш йуьли, уьш Ӏуьйранна цӀена хилийта, тIаккха, буьйса йуккъе йаьлча, дӀайижа чу йуьдара со.

Суна чӀогӀа лаьара йуха а балха д1ах1отта. Сан цIийндеца къамел хилира, цу хенахь дуьйна, тхан дов дӀадоладелира. Де-дийне мел долу тхан йукъаметтиг телхаш йара, цуьнан нанас цӀе а туьйсуш. Цхьана дийнахь со дӀайахара – цхьамма а саца а ца йира, йа дагахь а бацара. ЦӀа йирзича, со йуха а балха ара йелира, дахар хьалха санна д1ах1оьттира. Кхин со маре а ца йахара. Бакъдерг аьлча, дуккха а шерашкахь сатуьйсуш Ӏийра со, цо соьга йуха йола аьлла, дехар дарна. Амма цо зудайалийра, хIинца и бераш долуш стаг ву, со цIахь йу. ХӀетахь цо суна цхьа жимма а гӀортор йина хиллехьара, цхьана кепара шен ненан сохь “церг йаттарх” цо со ларъйинехьара, со дӀагӀура йацара.


Телефонехула зуда йитар

Веданан кӀоштара Радима кхо шо хьалха маре йаханера, шен 19 шо долуш. ЦIийнда ша йита дагахь вуйла, марненера хиира цунна.

–Дахарна йаккхий планаш йара сан: дешар, болх, балхахь кхиаме хила а. Амма дерриге цхьна дийнах доьхна дIаделира, сан нанна цIе ца йоккхург цамгар йу аьлла диагноз хӀоттийча. Пхеъа шарахь къийсам латтийра оха цуьнан цамгарца, амма хӀора дийнахь лазар чIаглуш дара, сан 15 шо а кхачале, иза дIайелира. Сан дахар цу хенахь дуьйна, телхира. Цхьа шо даьлча, сан дас йуха а зудайалийра.

Дестица йкъаметтиг нислуш йацара: да цӀахь хилча, соьца къинхетаме йара иза, амма иза араваьлча, ша ма-йарра, чIога дера хуьлаш йара. Сайн ма-хуьллу сиха маре йаха лаьара суна. Сан 19 шо дара сан, луларчу урамера 30 шо долчу кӀанта соьга маре кхакхийча. ХӀетахь, сайна уллохь муьлха стаг ву кхета а хан ца йуьтуш, сихха реза хилира со. Тешаме, къахьогаш, иман чIогIа долуш... Иштта хетара суна иза хӀетахь.

Марзхошна сан ницкъ кхочуш барамехь, хазахетар дан хьожар со: Ӏуьйранна гӀотташ, марвежаршна кхача кечбой, уьш балха дIахьажош, даимна цӀахь дечунна йукъахь йоллуш, сарахь даар кечдой, цIеранаш цIа бахкале хьожуш... Со ирсе йара.

Ши шо дӀадахара, сан марнанас, кест-кеста шен берийн бераш лело лаьа шена олий, хьагIдан йолайелира. Амма, суна маьлла чIогIа лаарна, со доьзалхочух ца хуьлара. Цхьана дийнахь, сан марнана хезар суна сан цIийндега къамел деш, цуьнан доьзалхо хира вац, ткъа ахь тIаьхьенна ойла йеза, бохуш. "Йита йеза ахь иза", элира цо цуьнга.

Цу дийнахь дуьйна дуккха ч1ог1а хийцавелира сан цIийнда, ас шега хаттар дича, жоп ца лора. Со массо а лоьрах чекхайелира, соьца цхьа а бахьана ца карийра царна. Ткъа сан цIийндас шеца дерриг а дика ду, ша лоьраш тIе гIура вац аьлла, шена тIера бехк дIабаькхира. Сан марнанас шен кӀантана тIаьхе оьшу, хьо доьзал хуьлаш йац, ахь цуьнан дахар хIаллак деш лаьтта, хьо чура дIайаххалца, иза цӀа вогӀур вац, бехийра соьга. Телефон тоьхча, цIийндас жоп ца лура... Со цIайеара. ШолгӀачу дийнахь майрачо телефон тоьхна, йитар со. Суна-м ца хаьа, хьан, хьенан дахар дохийна.


Болх бан дехкар

Соьлжа-ГIалара 30 шо долу Луиза марехь йолу пхи шо дара – институтехь девзинера иза а, цуьнан хинволу цIийнда а, шина шарахь т1ехьийзаш лаьллера. ЦIийнден дас-нанас иза шайн йолуш санна тӀеийцира. ТIахьо, доьзал а дуьненчу велира.

– Сан йоӀ дуьненчу йаллачул тӀаьхьа дерриг а телхира: балхара тӀаьхьависа волавелира иза, маларах кхетта цIавогIура, оьгIазе- дера хуьлура, суна ницкъ бан волавелира. Ӏуьйранна со цӀайаха кечйелча, соьга къинтӀера йалар доьхар, шена хӀумма а дага ца догӀу, кхин хир дац бохуш.

Цкъа, цуьнан кисанахь кӀайн-можа молханаш карийра суна. Ас дерриг а д1адийцира де-нене. Цуьнан да а вуно луьра стаг вара. Амма тхо тхаьш Ӏаш дара, даимна а кӀантана тӀехь Ӏуналла да аьтто бацара церан,ма-дарра дийцича дерриге а тӀех гена даьллера.

Ахча ца тоьара, нене, тӀаккха йише дехарш дан дезаш хуьлура... Декретера, балха арайала лаьара суна, амма цо ца магийра. ХӀора сарахь сан телефон толлуш вара. Масийттазза йоӀаца дӀайахара со, амма хIоразза а гергарчара Ӏаткъам баьш, цо телефон тIехь йатташ, йуха а схьайогIура со... Цкъа марнана цомгуш а хилла, юьртахь кӀира даьккхира ас, цуьнан гIулкхе хьожуш. ЦӀа йеъча, хиира суна, со йоцчу хенахь, цо тхан цӀа чу зударий лелийна хилар – иза тӀаьххьара тIадам бара. ХӀинца со деца-ненаца Ӏаш йуу, сайна товш дерг а деш, дика ахча а доккхуш. Сан йоӀ соьца йу, кест-кеста дедас-денанас шайга дӀайуьгу иза. Кест-кеста йаздо соьга хиллачу цIийндас, йухайола, ша хийцавелла бохуш... Амма со кхин цуьнах тешаш йац.


  • "МаслаIатан комиссеша" шайн болх дIахьо формалан кепара а, доьзалшна Ӏаткъам беш а, дийцира Маршо Радиога регионера дIавахначу динан Iилманчас. Зударий реза хила мега "маслаӀат" дан, шайн бераш ган аьтто хилийтархьама -доьзал дӀасакъаьсташ хилча кхело бераш деца дуьту.Нохчийчохь муфтиято а, хьаькамаша кхелашкахь зударийн бакъонашна доза туху, бохуш дийцира Къилбаседа Кавказехь болх бинчу адвокато Аветисян Григора.
  • Доьзалш къестар хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоьнца цхьаьна Дагестан а йара (+206 процент йара 2022-чу шарахь), ГIалгIайчоь а йара (+I90 процент). Оцу йукъанна официалехь доьзал кхолларх регистрацин терахь лахделира Нохчийчохь: 202I-чу шарахь 7504 доьзал тIечIагIбира, ткъа 2022-чу шарахь – 4390.
  • Доьзалш къаьстинчул тIаьхьа берашна тIехь нене Iуналла дайтарца доьзна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбеш бац Къилбаседа Кавказехь. Оцу кепара хьесап дира Европан Кхеташонан министрийн Комитето.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG