ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаннах а къинхетам бийр бац. ГӀебарта-Балкхаройчохь полицин белхахочунна дина тӀелатар


Коков Казбек, ГӀебарта-Балкхаройн республикан куйгалхо
 
Коков Казбек, ГӀебарта-Балкхаройн республикан куйгалхо  

Товбеца-беттан 4-чохь Нальчикехь полисхочунна дина тӀелатар, тӀаьххьарчу 6 шарахь дуьххьара цу тайпа хилар дара ГӀебарта-Балкхаройчохь. ТIелатар хиллачул тӀаьхьа республикан куьйгалхочо кхайкхам бира массо а Iедалхошка, "харца новкъа боьвла" кегийрхой кӀелхьарабаха беза, йа "конституцин низамна" дуьхьал болу нах, хӀаллак бан безар бу аьлла. Редакцин белхахоша теллира, официалехь и тӀелатараран бахьан а, стигал-къега баттахь хилла антитерроран рейдаш стенца йоьзна йу а.

Полисхочунна тӀелатар дира товбеца-беттан 4-чохь сарахь 6 сахьт даьлча Нальчикан йуккъехь – музыкалан театран дуьхьал. Официалан хаамехь, цхьа а детальш йац хиллачух лаьцна: масала, республикерчу Талламан комитето хаам бира, тӀелатар ГИБДД-н белхахошна дина, ткъа тӀелатар динарг цу меттехь вийра, аьлла. Цу хьокъехь полисхо белхахочун дахарна тIекхоьвдар артикалца бехктакхаман гIуллакх долийна, йаздира республикерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан пресс-службехь, цхьа а деталаш а ца хьахош.

Лазийна полисхо Республикан дарбан цӀийнехь, реанимацехь охьавиллира. Дарбан цIийнан коьрта лоьру Хасанби Тетовс, полисхочунна хьал, Iаламат чолхе хилар дIахьедира. Полисхочунна 28 шо ду, тӀелатар динчу, белхахочунна 11-за урс тоьхна, дуккхаха чевнаш букъах йина – дийцира шолгӀачу дийнахь Нальчикан администрацин куьйгалхочо Ахохов Таймураза.

ТӀелатаран цхьайолу детальш йоьвзира, цу меттехь йахна, интернетехь видеош йаьржинча. Видеохь гуш ду, зуламхочо полисхочунна урсаца тIелатар деш, полисхочун накъосто цунна герз детташ а, тIелеттарг инспекторна тӀаьхьавалар а. ТIаьххаре а, полисхочо зуламхо вуьйш мӀаьрго; кхина а, цхьа стаг цигахь лацар а, цуьнан цIе официалан хаамехь хьагIош йац. Республикан куьйгалхочо Коков Казбека динчу дIахьедарехь а, хьагIош дац тIелатарехь дакъалоцуш мел зуламхо хилла.

Вийнарг республикерчу Урван кӀоштан вахархо хилла, шолгӀачу тӀелатархочун къелхьара вала аьтто баьлла, хаам бира "РИА Новости" зорбо структурера хьостана тIетоьвжаш. Цигахь хиллачу наха йакхиначу видеохь, гуш ву – кӀайн коч а, джинсаш а йуьйхина, карахь автомат а йолуш, музыкальны театрна уллехь лаьттачу "Даимна Оьрсийчоьнца" хӀолламна уллохула ведда воьдуш стаг. Лаьцначунна тӀехь а йара кӀайн коч, амма цуьнан керахь герз дацара – видео тӀехь го, ницкъхоша лоцуш цо дуьхьало йаш ца хилар.

Коковс шен къамелехь "харца новкъа" бовлу кегийрхошна тидам тӀебохуьйтуш хиллехь а, массо а официалан хьостанаша вийначу стеган хан ца хьахийра. "РЕН-ТВ" телевиденис бинчу хаамца, цуьнан 20 шо дара, ткъа лаьцнарг, хIинца а кхиазхо ву – ур-атталла 17 шо кхачаза. Кхин иза тӀечӀагӀдеш бина хаам бац.


"Профилактика йан йеза"

ТӀелатар динчу сарахь, тӀаьххьара ГӀебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека, хилла оперативан кхеташонера кадраш йаржийра – дуккха хьолахь, цо тӀелатархочун накъосташка даьш видео-къамел тера дара.

"Ас йуха а боху: тахана вайн ницкъ а, ресурсаш а тоьар йу республикехь ГӀебарта-Балкхаройчоьнан бахархойн кхерамазалла ларъйан. <...> Коьртаниг: тахана низамна дуьхьал вала гӀерташ верг - хӀаллак вийра ву! Тахана, низамна дуьхьал вала, шен коьртехь ойланаш йолучу хӀоранна а дIахаийла иза! Низаман системо кхерамазалла латтор йу, ткъа тхан декхар ду и тайпа хIума ца хилийта "профилактикан белхаш бар", - элира Коковс.

ШолгӀачу дийнахь республикан кегийрхойн гӀуллакхан министра Люев Азамата "кегийрхошна йукъахь кхетош-кхиоран а, профилактикан а болх чӀагӀбарна" лерина кхеташо дӀайаьхьира, цигахь, къаьсттина, дийцаре дира "дешаран а, спортан а, культурин а учрежденийнишкахь" и белхаш бо агIо.

Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, тӀаьхьарчу шерашкахь полисхошна тӀелатарш дар кест-кеста хуьлуш хиллехь а, тӀаьххьара и тайпа хIума ГӀебарта-Балкхаройчохь 2019-чу шеран дечкен-баттахь хилла дара. Полисхоша машен сацийча, чу чохь хилла веъа пассажиро тIелатар дира ницкъхошна. Цхьана инспекторна масех герз тоьхнера, тӀаьхьо дарбан цӀийнехь иза велира. ТӀелеттачех кхоъ, цу меттехь вийра, 4-гӀаниг дарбан цӀийне кхачийначул тӀаьхьа велар – берриш а ГӀалгӀайчуьра бахархой хиллера.

Амма, и тIелатар хиллачулт тIаьхьа 6 шарахь кхин ницкъаллин структурийн белхан кепаш, хийца йелла йац, кхечу республикашка хьажча.

Стохка оханан-беттан 11-чохь Нальчикан йистехь кхайкхийра контртерроран операци: цуьнан жамӀ деш Къоман антитерроран комитето хаам бира, "сиха чекхдаьлла герзаш кхиссарехь " републикехь диверсеш а, терракташ кечдеш хилла, дуьненаюкъарчу террорхойн тобанан ши декъашхо вийна аьлла, а. Спецслужбаша, байъина нах муьлш бу а, йа церан накъостий хилар, билгал ца даьккхира,. "Сапа Кавказ" журналисташа бинчу хаамца, уьш- 19 шо долу Чипчиков Темирлан а, 26 шо долу Мурачаев Ратмир а меттигера бахархой хиллера; шии "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйр йолуш хилар, шеконаш йолуш.

Массо а набахте чу ца боьхкича, белхан отчеташ йан терахьш мичара дера ду?


Кху бIаьстенна, цхьа могӀа лехамаш хилира Нальчикехь а, цунна уллерчу Нартан-юьртахь а. Стигалкъега-беттан 14-чохь, 42 хӀусаме баьхкинера масканаш юьйхина нах, терроризмехь дакъалаьцна шеко йолу нах дӀалеца. ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан бакъонашларъйаран центро зорбане дехира, чохь рейдаш хилла 6 доьзало бина латкъам. Тхоьца зӀене бевллачара дийцира, лехамаш бечу хенахь а, шайна цIа чу къайлаха, ницкъхоша, чохь сим-карташ долуш телефонаш а кхиссина, чуьра кегирхой дIабигар.

Лецнарш берриш а бусалбан дин лелош бара, чӀагӀдора бакъонашларъйархоша.


Деса жоьпаш, шира кепаш

2022 шо кхаччалца спецслужбаш кест кеста бохург санна дӀахьош йара контртерроран операцеш Дагестанехь а, ГӀалгӀайчохь а, Малхбузера Кавказехь а "йоьшуш жамӀаш деш", амма Украинина тӀелатар дӀадоладеллачул тӀаьхьа "йеха йукъе йехха парг1ат хан" йелира, цул тӀаьхьа контртерроран жигаралла дӀайолийра кхечу республикашкахь, "Хасэ" а, "Граждански Совет" боламан векало Яганов ИбраьхӀима –стохка стигалкъега-баттахь рейдаш хиллачу Нартан-юьртахь вина ву иза.

"Массо а кхерамазаллин ницкъаш Украинехь дакъалоцуш бара, цигахь цара алсам ахча доккхура, шайн дахарна а цхьа кхерам боцуш: "Киев кхаа дийнахь" схема йара болх беш. ТIеман хьал хийцаделча, фронтехь "гастарбайтершна" вуно кхераме хилла дӀахӀоьттира, тIаккха спецслужбаш шайн болх йуха а, републикашкахь дIаболийра. И кегий нах, гал бохуш, цхьана агӀор Бусулба нехан урхалла (ДУМ) а, вукху агӀор -ФСБ-а" йу, - аьлла хета къамелхочунна.

Ягановс дийцарехь, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан политика "декъа, урхалла де" бохучу принципца болх беш йу, хӀунда аьлча юкъараллехь долчу конфликташна Ӏедалан "третейан суьдхо" оьшу,” -аьлла хета цунна.

Хазахеташ кхеташ бац кегийрхой терроризмах, шайна гонаха йолу харцо ла ца луш, дIакхета



"Кегирхошна идеологин оьшу, маьIан а мехалла долуш. Массарна а ца лаьа "СВО" а вахана, оккупант хила. Царна го Гергарчу Малхбалехь хуьлуш дерг, ткъа дуккхахчарга и ла а ца ло. Ткъа Ислам, пропаганда, ДУМ-а, спецслужбаш кегирхошна радикализаций йан гIерташ лелош долу белхаш, оцу массо а хIумано, иштта жамӀ до. Иза церан бепиг ду, цара шаьш экстремисташ кечбо, кху заманан массо а технологех пайда а оьцуш, йуха "хӀаллак бо", - бохуш, кхетадо Ягановс.

Итт шарахь сов, и тайпа хаамаш зорбане бовлуш, хӀора шарахь Къилбаседа Кавказехь "хӀаллак бина", "нейтрализаци йина", лецначу полевой командирийн, тӀемалойн, йа царна гIо дина нехан терахь цхана шарахь 800 - 1200 стаге кхаччалц дара. Цкъа а цхьа а "маслаӀат" ца хилча санна, билгалдоккху "Мемориалан" билгалдоккху бакъонашларъйархочо Черкасов Александра. Баккъалла а, терроран гӀуллакхаш, цара кхуллуш хилар билгало йу иза, тешна ву иза.

"Вай дуьйцург, дӀадаханчу шерашкахь харцонца кхоьллина гIуллакхаш ду, масала Нохчийчохь Псковерчу десантан, йа терроризмна финансаш латторан гӀуллакхаш. Туркой махка гергарчарна ахчанаш дехьадахарна, масала. Муха тоьшалла дийр ду ахь, иза гергарчарна дахьийтана аьлла? И санна долу гIуллакх, компьютер хьалха оцу сохьта йаза дан мегаш ду. Йа масала, исламан групировкшах лаьцна долийна гIуллакхаш, Ӏелам нахана шерашкахь хезна а йоцу", - бохуш листадо бакъонашларъйархочо.

Амма массо а гӀуллакх дац ницкъхоша шайгара йаздина – цунна тоьшалла ду Дагестанерчу синагогашна а, килсашна а дина тӀелатарш, йа ницкъхоша къийсам латто ИГ-на муьтӀахь хила чӀагӀо йина Оздоев Адаман а, Гуражев Амирханан ГӀалгӀайчохь хилла тобанаш, кхин дӀа а дуьйцу Черкасовс. Къилбаседа Кавказехь Iедална дуьхал лаьтта тобанаш йисна а йац, амма, кхузахь- цигахь, цхьан хиларо, наггахь дагадоуьйту и проблема хилар, иза къайла йахьа вуно хала ду: "ГӀебарта-Балкхаройчуьра схьахезачу хаамашца вайна го: Ӏедалшна вуно новкъа ду, цу тайпа керланнийн шаьш декъшхой хилар".

"Карарчу хенахь Путинан "стабилалла" Къилбаседа Кавказехь а йерриге а пачхьалкхехь а, дуккхахчу кегийрхошна йезаш йац, цуьнан харцонаш го царна. Дуккха хаттаршна жоп лоьха цара. Хазахеташ дIакхеташ бац кегийрхой терроризмах, шайна гонаха йолу харцо ла ца луш, дIакхета царех. Наггахь, царна жоп луш стаг волу, амма кегирхошна оьшу жоп дац иза”- бохуш, дуьйцу цо.

"Нагахь санна массо а чу ца воьлча, отчеташна терахьш мичара дера ду?" Иштта йу Оьрсийчоьнан Iедалан а ницкъхошан тактикан логика", – дерзадо шен къамел Черкасовс.


  • ТӀаьххьара Къилбаседа Кавказехь ницкъахошна тӀелатар хилла, стигалкъега-баттахь Дагестанехь. Герзаш тоьхна ши полисхо вийра, шиъ лазийна дарбан цӀийне кхачийра. ТIелатар динчарех цхьа вийра.
  • 2024-чу шарахь чиллан-баттахь Дербентерчу кхело полицин белхахочунна тӀелатар дарна шеконца лецира Дагестанера Табасаран кӀоштан куьйгалхо хиллачун кӀант Шахмагомедов Мохьмад (Сандро). Хьалхо тӀемалошна гӀо-накъосталла дарна кхел йина вара иза: оцу хенахь уггаре а кӀеда къезга хан тухуш. ХIинца, хIара шолгӀа бехктакхаман гӀуллакх ду, тӀаьхьарчу беттанашкахь Дагестанерчу хьаькамийн гергарчаьрца доьзна. "Дашо кегийрхой" радикале муха боьрзу, редакцин белхахошна дийцира регионерчу эксперташа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG